Нохчийн меттан Iаматех дийцира

20.02.2019

Зама кхиарца кхуьуш, хийцалуш схьадогIу Iилма а, дешаран кепаш а. Цуьнца доьзна вайн республикехь а хийцина, карлаяьхна нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш юха зорбане йохуш боккха болх бина. Россин Федерацин серлонан министерствос федеральни переченна юкъаяхийтина нохчийн меттан Iаматаш. Оцу Iаматех лаьцна дийцира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманана а министерствон Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата.– Хьамзат, вайн республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а, школашкахь а дукха хаамаш бира карлаяьхначу, юха зорбане яьхначу нохчийн меттан Iаматех дуьйцуш. Дай-наношна юкъахь хьовха, могIарерчу хьехархошна юкъахь а нисло: «Оьшуш дарий вайн Iаматаш карлаяха? Хьалха шаьш ма-хиллара мегаш яцара уьш?» – олуш берш. Ахь хIун эр дара шеконехь болчу нахе?– Карла ца яьхча ца йовлура нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш. Советийн Iедал долчу хенахь, оцу Iедалан идеологица йогIуш хIиттийна яра уьш. Чулацам, кеп, царна тIехь дерг дерриге а ширделла дара. Цул сов, дешаран федеральни стандарташкахь хилла хийцамаш бара кхузаманан дешарехь тидаме эца безаш. Уьш хьесапе оьцуш хийца езаш яра Iаматаш.– ТIаккха оцу Iаматаш тIехь, хийцамаш беш, къахьегначу Iилманчийн белхан мел мах хадор бара ахь? И Iаматаш муха тIеийци хьехархоша а, меттан говзанчаша а? Iаматаш вовшахтохархошка хаза дош олурш бевллий-те?– Тахана, дийнна схьаэцча, вайн меттан Iилманчаша дика а, боккха а болх бина аьлла хета суна. Iаматашна тIехь хийца дезаш, нисдан дезаш дуккха а хIуманаш дара.Цаьрга шаьш тIелаьцнарг кхочушдаделла аьлла хета, хIунда аьлча, дешар Федеральни керлачу стандарташца нисдеш, Iаматашна тIехь вай ма-барра болх бан безаш Россин кхийолу субъекташ а яра. Амма схьагучу суьртаца Нохчийн Республикий, ГIезалойн Республикий бен ларийна яц и болх бан. Цхьана дашца аьлча, вайн шина республикехь бен ницкъ ца кхаьчна и хийцамаш бан