Дийцарийн конкурс

19.12.2018

Регионашна юкъара нохчийн маттахь берашна леринчу дийцарийн конкурс д1ахьо Нохчийн Республикин а, Дег1астанарчу а  ишколийн  нохчийн меттан а,  литературин а хьехархошна юкъахь. Цуьнан д1аяхьар лерина ду Нохчийн меттан Денна. Конкурсан 1алашо  ю нохчийн матте безам кхиор а, нохчийн маттахь берашна лерина исбаьхьаллин говзарш язъечу хьехархошна кхоллараллин аг1о кхиорна г1о-накъосталла дар а, конкурсе даийтинчу тоьллачу дийцарех нохчийн мотт хьехарехь оьшу тайп-тайпана (диктантийн, изложенийн,…) гуларш вовшахтухуш пайдаэца коьчал гулъяр а. Конкурсан вовшахтохархой бу: НР дешаран а, 1илманан а министерство, НР Дешар кхиоран институт, НР яздархойн Союз, «Даймохк», «Хьехархо» газеташ. Конкурсехь дакъалаца аьтто бу 2019 шеран оханан 5-г1а т1екхачале  школерчу конкурсни комиссига шайн говзарш (дийцаран, эссен, литературни суртдилларан жанрашкахь) д1акховдийна  хьехархой.